
Курчалойхь а схьайиллина «Спорт — дахаран кеп» проект кхочушйаран гурашкахь йина физкультурин а, спортан а комплекс.
Э.Кадыровн цӀарах йолу иза баскетболах а, гандболах а, волейболах а, теннисах а, бадминтонах а, футболах а ловза а, аттачу атлетиках пайдаэца а хьелаш долуш йу.
ХӀинца дуьйна цу чохь дӀахьур ду меттигерчу тӀегӀанера спортан ловзарш а, цхьаьнакхетарш а.
Комплекс схьайелларехь дакъалецира НР-н физически культурин а, спортан а министра Эдилов Валида а, Курчалойн кӀоштан префекта Ирасханов Асламбека а.
Билгалдоккху иза схьайеллар Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна лерина хилар.