«Машук» форумехь сесси дӀайаьхьна цӀейахханчу проектан векалша…

Кегийрхойн йерригроссин «Машук — 2022» форуман дакъалацархошна лерина сесси дӀайаьхьна «Народов много — Родина одна» проектан командин векалша.

Йийцаре йина тема къаьмнийн башхаллашца а, Россерчу халкъийн вовшашца йолчу зӀенашца а, Къилбаседе Кавказехь тайп-тайпана халкъаш берттахь дахаран зеделлачуьнца а йоьзна йара.

Дакъалацархошна гӀо деш Умаров Джамбулат (Нохчийн Республика) а, Ибрагимов Мурад (Ставрополан мохк) а, Багдасарова Анна (Ставрополан мохк) а, Сижажев Ӏалим (ГӀебартойн-Балкхаройчоь) а вара.

Мехалчу сессин чаккхенехь кегийрхоша иштта сацам бира: «МаьӀне ду шен бух бовзар, шен халкъах а, турпалхойх а дозалла дар, къоман мотт хаар, делахь а, жималллехь дуьйна, вай тайп-тайпана хиларх а, Россин бахархой хилар берашна хьехар«.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: