
«Давай дружить!» цӀе а йолуш, 3 эзар сов дакъалацархо а волуш, дукха йоккха хоровод дӀайаьхьна Москварчу ВДНХ-хь.
Дакъалацархойн могӀарехь кегийрхойн боламийн а, йукъараллин организацийн а, «Росмолодежи» агентствон а векалш а, цӀейаххана журналисташ а, спортсменаш а бара.
Акци дуьххьара дӀайаьхьна йелахь а, Росси ма-ййу иза йаьржарг хиларх дегайовхо йолуш бу вовшахтохархой.
Россерчу халкъийн культурин тӀаьхьалуонийн шарахь (2022-гӀа шо) дӀайолийна иза хӀора а шарахь дӀахьур йолуш йу билггалчу дийнахь — асаран беттан 12-чохь.
Билгалдоккху ВДНХ-хь дӀайаьхьна и акци йерригроссин «Народов много — Родина одна» программин гурашкахь дӀайаьхьна хилар.