Iайнаа шен дахарехь хаьржина некъ аттачух бац. Хьаьнг-хьаьнга а дIакхехьалур болуш а бац. Иза хьехархо ю. Шеко йоцуш, ондда собар оьшуш болх бу хьехархочо беш берг. Цу атта боцчу некъана шен дахар дIаделла, мало йоцуш къахьоьгуш ю Грозненски районерчу Чурт-ТогIерчу школин хьехархо Ахмадова Iайнаъ.
Иза йина 1987-чу шеран. ноябрь беттан шолгIачу дийнахь Невран кIоштан Фрунзенски юьртахь. Бералла Неврахь дIаяьлла цуьнан. 2005-чу шарахь цо чекхъяьккхина Фрунзенски юьртара юккъера школа. Iилманан некъ кхидIа дIахьош, Вузе деша цу шарахь ца йоьду и. Шен жимах йолу йиша Iайшат, дешна яллалц а Iай, цхьаьний йоьду и шиъ деша. Цо гойту доьзалехь болу барт. Иштта лууш а вара церан да Сайди а. Дена луург ший а йоI цхьана сессешкахь нисъялар дара. И шиъ деша яхара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте. Цхьатерра говзаллаш ца хаьржира цу шиммо. Iайшата «Математикин-информатикин» говзалла хаьржира, ткъа Iайнаа «Химия и биология». И бахьана долуш, дена ма-хеттара, шина йоьIан сессеш цхьана деношкахь ца нислора. 2011-чу шарахь дешна елира и шиъ.
Тхайн хаттаршна жоьпаш далар дийхира оха.
– Iайнаъ, хIун бахьана дара ахь хьехархочун некъ харжар?
– Суна со дага мел йогIу хьехархо хила лиъна. Бакъду, цкъа жималлехь сих-сиха дага-м тосура, лоьран дешар дешча хIун дара-те, олий. Ойла йича, сайн хIума ца хетара суна и. Баккъал а, дог чIогIа хила дезаш болх бу лоьрийниг. Дог-кIедачуьнга балур болуш бац. Цул совнаха, куьг дайн хила дезаш болх а бу.
– «Дог чIогIа хила дезаш» болх бу, лоьрийниг элир-кх ахь. Хьехархочун болх, цхьа а шеко йоцуш, доккха собар дезаш болх бу. Дог чIогIа доцчу стагехь, собар хуьлийла дуй-те?
– ГIеххьа долу хIума къийла а, лан а чIогIа дог ца оьшу аьлла хета суна. Ткъа собар аьлча, со дукха жима йолуш дуьйна нийсархошна юкъахь тийна хиларца къаьсташ ю олура. Даима собаре хила гIиртина со.
…Цхьа шеко яц, безачу балхахь халонаш, атта лов адамо. Шен балхахь цхьа а хало ца го. Даима а велавелла, векхавелла хуьлу. Гуш хуьлу де дIадалахьара бохуш болх беш верг а, де дIадалале алссам болх бан гIерташ верг а.
– Муьлхачу шарахь яхна хьо школе балха?
– 2006-чу шарахь.
– Хууш ма-хиллара цу шарахь яхна ю хьо деша а. Хьалхара семестр бен дIаяьлла а йоцуш, балха яхар муха нисделира хьан?
– Сесси йолчу хенахь, Неврера схьалела гена долуш, со сайн ненайиша йолчу Чурт-ТогIе йогIура. Цигара дуккха а улле дара деша лела. Ткъа ненайиша школехь болх беш яра. Со дешна ма-еллина и йолчу школе йоьдура. Оьшучунна сайна хуучу кепара цунна гIо а дора. «Хьехархочун болх балур болуш ю хьо, балха хIотта хьажа еза хьо», олура соьга ненайишас. Иштта йисира со цигахь. Хьалхарчу шарахь кехаташца белхаш дира ас. Цул тIаьхьа хьехархочун сахьташ делира суна.
– Муьлха урок хьоьхуш яра хьо?
– 8–9-чуй классашна хими хьоьхуш яра. Школехь доьшуш йолуш дуьйна суна дукхаезаш предмет яра иза. Суо балха яханчу шарахь хиира суна, хьехархочун болх сан болх буйла.
– Карарчу хенахь а 8–9-чуй классашна хими хьоьхуш ю хьо?
– Кхушарахь хими урокан сахьташ дац соьгахь. Тхан школехь суртдилларан урокан сахьташ дала хьехархо а ца хилла, и сахьташ схьаэцна ас. 5–8-чуй классашна суртилларан урок хьоьхуш ю со.
– Хими урокана а, суртдилларан урокана а юккъехь йоккха башхалла ю. Уьш цхьаьнайогIуш яц. Суртдилларан говзалла йолуш ю хьо, Iайнаъ?
– Со школехь йолуш суртдилла Iамош кружок яра. Масех шарахь цига лийлира со. Жимачохь дуьйна дезара суна суртдиллар. ХIетахь ас дехкина суьрташ хIинца а ду сан Iалашдеш. И корматалла соьгахь юй хааделлачу тхан директора Нусальчиева Хьавас тIедиллира суна иза хьехар.
Нахана гучул совнаха исбаьхьалла гуш волчуьнга бен ца диллало сурт. Поэта шен ойланаш йозанца гойту, ткъа суртдиллархочо суьртаца.
Шен болх бевзаш куьйгалхо волчо алссам карабо кхоллараллин нах. Хьава ша ханна жима елахь а, шен болх дика бевзаш ю. Директоран болх балле хьалха, хьехархочун болх бина цо.
– Iайнаъ, къамел дерзош хIун эра дара ахь?
– Кхуьучеран карахь ю кхане. Цундела, суна массо а бере деха лаьара: мало йоцуш дешахьара аш. Баккъал а, доьшучу берана хьеха дог догIу. Иштта бер хилча хаза а хета. Баккхийчара масална а диканиг валаво. Иштта хьехархоша а дика доьшуш верг бен ца валаво масална. Шен классехь дика доьшуш бер хилча боккха юьхькIам хуьлу хьехархочунна.
Берашна и еккъа урок хьехарха кхачо ца йо Iайнаа. Иза берийн дог-ойла йовза гIерта, царна хIун деза, оьшу хьожу. ТIаккха атта хуьлу цаьрца болх бан, уьш Iамо.
МУРАДОВ Iела
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо