РогӀерчу нохчийн бӀаьхошца цхьаьнакхетта Кадыров Рамзан

Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца баха безачу нохчийн рогӀерчу бӀаьхошца цхьаьна а кхеташ, Хан-ГӀалахь (Соьлжа-ГӀала) хилира Кадыров Рамзан.

Буьйцуш болу бӀаьхой, кхеташ ма-хиллара, Россин оборонин министерствон лерринчу Ӏалашонийн «Север-Ахмат» полкера бара.

Шаьш и бӀаьхой майра а, доьналла а долуш бу аьлла, хастийна ца Ӏаш, церан куьйгаллехь волчу Зингиев Зайндин а лаккхара мах хадийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«…Бетонах лаьттачу пено санна дуьхьало йан кийча бу уьш нацистийн бандиташна«, — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Иштта, лакхахь хьахийначу Зингиев Зайндина Нохчийн Республикин лаккхарчу (Кадыровн орден) орденца совгӀат а дира Кадыров Рамзана.

Цул сов, бӀаьхошна хьалха лаьттачу коьртачу декхарех цхьадерш а довзийтира цо, нохчийн мотт а буьйцуш, Кавказан хьалхарчу Имаман Шайх Мансуран цӀе а тиллина, нохчийн халкъ сийсаздарехь Украинехь къахьоьгуш болчу хьадалчийн тоба хӀаллакйар шайн могӀарехь а долуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: