ДХР-н ДоттагӀаллин орден йелла Кадырова Ӏайшатана

Нохчийн Республикин культурин министрана Кадырова Ӏайшатана Донецкан Халкъан Республикин ДоттагӀаллин орден йелла.

Оцу хьокъехьчу Указна куьг йаздина ДХР-н куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Пушилин Дениса.

Деза совгӀат дӀадалар хилира Кадырова Ӏайшатан а, Пушилин Денисан а Донецкехь хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Орден дӀалуш а волуш, ДХР-н куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечо билгалдаьккхира Донбассерчу бахархошна гӀо-накъосталла латторна а, беркате йукъаметтигаш лелорна а долчу баркаллин билгалонна иза луш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: