Берийн беш а, спорткомплекс а схьайоьллур йу Цоци-Эвлахь

МаьӀне а, мехала а объекташ йу Курчалойн кӀоштарчу Цоци-Эвлахь йеш: 1) берийн беш; 2) физкультурин а, спортан а комплекс; 3) ишкол.

Царах хьалхара шиъ Йартийн майданаш комплексан кепара кхиорна леринчу программин гурашкахь йина йу.

КӀоштан префекта Ирасханов Асламбека билгалдаккхарехь, 140 меттигна лерина берийн беш кеста схьайоьллур йу.

Изза хьал ду физкультурин а, спортан а комплексаца а.

Ший а объект йина ца Ӏаш, уьйтӀеш а тойина белхалоша, иштта, кетӀеш битаме йалорехь къахьоьгуш а бу.

Дагадоуьйту лакхахь хьахийна Йартийн майданаш комплексан кепара кхиоран программа кхочушйар НР-н йуьртан бахаман министерствос Ӏуналлехь хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: