«ТрубПласт» предприятин белхалой Ӏаморех чекхбевлла

«Къинхьегаман эвсаралла» къоман проект кхочушйар дӀадерзоран цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Устрада-ГӀалин округан Чечанарчу «ТрубПласт» компанин майданахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама а, Нохчийн Республикин финансийн министра Тагаев Султана а, Устрада-ГӀалин мэра Масаев Илеса а, «ТрубПласт» компанин векалша а, кхечара а.

2016-чу шарахь дуьйна болх беш йу «ТрубПласт» завод.

Полиэтиленан биргIанаш арахецарехь Кьилбаседа Кавказехь а, Россин Къилбехь уггаре а йоккхачех а йу иза.

Цо кхочушбо газан а, хин а 25 мм тIера 1 200 мм кхаччалц йолчу диаметран биргIанаш йаран болх.

Инвестицийн барам, шен доларчу хьелашца цхьаьна, 313, 150 млн сом бу.

2021-чу шеран отчетан хаамашца заводан биргӀанаш арахецаран нуьцкъалла 2,2 млн тонна йу, цунах предриятина хилла пайда 4 365, 420 эзар сом бу, НДС – 1 430,910 эзар сом, заводан белхалойн йукъара барам 18 стаг бу.

2022-чу шарахь предприятин куьйгалло билгалйаьккхира иза кхиоран стратеги. Цуьнца нийса а догӀуш, сурсатийн харжан мах, къинхьегаман эвсаралла лакхайаккхарца, охьаболуш бу.

Карарчу шеран оханан (апрель) баттахь «Къинхьегаман эвсаралла» къоман проектана йукъайахара и предрияти.

Оцу проектах пайдаэцаран хьал толлуш къастийра газан а, хинан а полиэтиленан биргӀанаш арахецар а, иштта, белхан эвсаралла лакхайаккхарна лерина Ӏалашонийн гайтамаш а хӀиттийра.

Проектан гурашкахь предприятин белхалой чекхбевлира кхаа модулан корматалла лакхайаккхаран кечамах. Цигахь цара Ӏамийра кхоамечу арахецаран гӀирсашца болх бан.

Кхоаме архецар йукъадаккхар бахьанехь предприятин аьтто баьлла чекхдалаза долу арахецар 64 процентана лахдан а, арахецаран хан 10 процентана йацйан а, белхан эвсаралла 16 процентана алсамйаккха а.

Шен къамелехь Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама билгалдаьккхира «Къинхьегаман эвсаралла» къоман проект 2018-чу шеран хӀутосург (май) беттан 7-чу дийнахь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран №204 Указ кхочушдаран гурашкахь кечйина хилар.

«Санкцийн бехкамаш бахьанехь махкахь атта доцучу экономикин хьолаца предприятийн белхан дикалла лакхайаккха а, экономикин чӀагӀаллица кхачойан а керла сацам оьшу. Цунца доьзна, 2022-чу шарахь Нохчийн Республикехь кхоамечу арахецаран гӀирсашца болх бан Ӏамош йу кхо предприяти. Царах оцу кечамах хьалха чекхйаьлла хӀара предприяти. Со тешна ву «Къинхьегаман эвсаралла» къоман проектана йукъахь дакъалацаро а, «ТрубПласт» заводехь керла арахецаран культура кхолларо а предприятин экономикин хьал кхиориг хиларх а, арахоьцучу сурсатийн дикаллин тӀегӀа а, цаьрга хьашто хилар а лакхадериг хиларх а», – билгалдаьккхира Шаптукаев Рустама.

Мероприяти йерзош «ТрубПласт» предприятин дика кхиамаш баьхначу белхалошна Баркаллин кехаташ делира.

Чаккхенехь предприяти йиллинчу Исраилов Аюбхана баьхкинчу хьешашца заводан кертахула экскурси дӀайаьхьира.

А.АДАЕВ
№78, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: