Нохчийчоьнан депутаташ – Къилбаседа Кавказан парламентарийн гуламехь

2015-06-19 09-13-37

Къилбаседа Кавказан Парламентски ассоциацин IХ-чу конференцехь а, ткъа иштта Къилбаседа ХIирийчоь  Республикин – Аланин парламентан 20 шо кхачарна  леринчу даздаршкахь а дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан делегацис. Вайн делегаци юккъехь вара Парламентан Председателан заместитель Юсупов СаьIид а, депутаташ Жамалдаев Шаид а, Оздамиров  Iусман  а, Таймасханов Хьусайн а, Бердукаев Сайпи а.

Конференци а, даздарш а ХIирийчоьнан пачхьенехь Владикавказехь дIадаьхьира. Иштта цига  яьхкхинера Къилбаседа Кавказан федеральни округа юкъайогIучу субъектийн пачхьалкхан Iедалан законаш дахаран органийн делегацеш. Царна юкъахь бара Дагестан Республикин, ГIалгIайн Республикин, Кхарачойн-Чергазийчоьнан Халкъан Гуламийн, ГIебартойн-Балкхаройн Парламентан, Ставропольски крайн Думин векалш. Къилбаседа ХIирийчоьнан Парламентан Председатела Мачнев Алексейс кхайкхарца  конференцехь  дакъалоцуш  бара Адыгейра, ГIирмера, Краснодарски крайра, Астрахански, Волгоградски, Ростовски областашкара парламентареш, ткъа иштта Абзахерчу, Къилба ХIирийчуьрчу  депутата.

Къилбаседа Кавкзан Парламентски ассоциацин Советан заседанехь йийцаре  йира пачхьалкхан  дIахIоттаман, меттигашкахь  шаьш урхалла даран, экономикин политикин, бюджетан гIуллакхийн, промышленни кхиоран, аграрни гIуллакхийн, Iаламах пайдаэцаран, социальни политикин, Iилманан, культурин, дешаран, къаьмнийн юкъаметигийн, парламенташна юкъарчу зIенийн, кегийрхойн гIуллакхийн, туризман, спортан хьокъехь йолу законопроекташ.

Конференцин коьрта дакъа дIадахара председателалла деш Къилбаседа ХIирийчоьнан – Аланин Парламентан Председатель Мачнев Алексей а волуш. Законашдахархоша, дийцаре дира региональни законаш, заманан лехамашка хьаьжжина, карладахаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Царна хетарехь, мелла а хийцамаш юкъабало безаш ду федеральни Iедалан органашца цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь долу законаш.

Къилбаседа Кавказан регионан депутаташа гIолецира СКФО-н субъектийн Россин Пачхьалкхан Думе дохьуьйтуш долчу мехалчу законодательни дIадолорийн. Царна юкъахь дара Нохчийн Республикин Парламентан законодательни дIадолор. «Россин Федерацин Уголовни кодексан 282-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь» долчу Федеральни законан проект Пачхьалкхан Думе яхьийтаран хьокъехь дара и дIадолор. Законодательствехь хийцамаш бан безаш хиларан хьокъехь ма-дарра дуьйцуш доклад йира вайн Парламентан парламенташна а, халкъашна а юкъарчу зIенашкахула, къоман а, хаамийн а политикин гIуллакхашкахула йолчу комитетан председатела Жамалдаев Шаида.

«Шуьйрачу хаамийн цхьаболчу цIена боцчу гIирсаша, шайга жоп доьхур доций а хууш, бакъдерг харцахьа доккху, доцург дуьйцу, къаьмнашна юкъахь  дов  кIамдо, жахьталла кхуллу. Иза къаьсттина хаало тIаьхьарчу хенахь, суна хетарехь, муьлххачу а хаамийн гIирсо шен болх бакъ-харц къастош, хаамаш толлуш бан беза. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна, адамашна юкъахь хьагI-гамо, харцо,  питана даржош болчарна,  таIзар дар, уьш жоьпе  озор чIагIдан деза», – бохура цо.

Къилбаседа Кавказан регионашкарчу парламентареша къобалдеш тIеийцира цуьнан къамел.

С.ХАМЗАТОВ       

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: