Дикаллин дуьненайукъара сертификат — «Нохчийн минералийн хиш» предприятина

Белхан гӀуллакхца Эна-Хишкан кӀоштахь хилла НР-н Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхо Кадыров Хьамзат «Нохчийн минералийн хиш» заводе а кхаьчна.

КӀоштан префекта Исраилов ИсмаьӀала дийцира заводехь бечу хийцамийн хьокъехь а, Ӏалашонех а лаьцна.

67 тайпана сурсаташ арахоьцучу оцу предприятехь къахьоьгуш 600 гергга стаг ву.

Делахь а, мехала а, маьӀне а кхин ду — Дикаллин дуьненайукъара сертификат делла цунна.

Цуьнца а догӀуш, федеральни маьӀна долчу махлелоран мел йолчу сеташца болх бан бакъо йу хӀинца «Нохчийн минералийн хиш» заводан.

Оьшшуш долу гӀо-накъосталла республикин куьйгаллера а хирг хилар хаийтира Кадыров Хьамзата.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: