
1) Биотехнологеш, 2) фармацевтика, 3) юриспруденци, 4) менеджмент, 5) пайде математика а, информатика а — студенташ кечбарехь коьрта хир ду хӀара дакъош Москван пачхьалкхан университетан Соьлжа-ГӀаларчу филиалехь.
Иза билгалдаьлла Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Нохчийн пачхьенехь МПУ-н филиал кхоллар оцу университетан Ӏилманан кхеташоно къобалдар а хаийтина цигахь.
Хьалхара студенташ тӀедогӀучу шарахь дуьйна дӀабуьйлалур бу йуьйцучу филиалехь деша.
Дагадоуьйту МПУ-н филиал Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу университетехь дӀатарлург хилар.