
Нохчийн цӀейаххана актриса, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н а, РФ-н а халкъан артистка Багалова Зулай тахана хьошалгӀахь хилира къоман «Даймохк» газетан редакцехь.
Газетан коллективерчу зударшца а, мехкаршца а беркате цхьаьнакхетар дӀадаьхьира цо.
Коьртачу декъана, кхеташ ма-хиллара, Зулайн кхоллараллин некъ а, оцу некъаца доьзна дахар а дийцинехь, нохчийн маттаца, вайн къоман гӀиллакх-гӀуллакхца доьзнарш а ца дитира тидамза.
Билгалдоккху Багалова Зулайна «Россин Федерацин халкъан артистка» сийлаллин цӀе карарчу шарахь йелла хилар.
- кхидӀа йеша газетан рогӀерчу лоьмарехь…