Москвахь арахецначу альманаха тӀехь дуьйцу нохчийн маттах лаьцна

Ӏалашонийн «Сан ненан мотт» программа кхочушйарца а догӀуш, Москвахь арахецна изза цӀе йолу альманах а.

Россин Федерацина йукъайогӀучу республикийн Ӏедалша а, йукъараллаша а меттигера меттанаш Ӏалашдарна а, кхиорна а лерина йу иза.

154 агӀонах лаьттачу цуьнан 50-61-гӀий агӀонаш лерина Нохчийн Республикина а, нохчийн маттана а.

Альманах, зорбатоьхна ца Ӏаш, электронни кепара а тӀекхочийла йолуш йу.

Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон Ӏуналлехь вовшахтоьхна йу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: