
Нохчийчуьрчу йарташна газаца кхачойаран декъера схемаш кечйаран болх 2024-чу шарахь дӀаберзор ду Ӏалашонехь.
Карарчу хенахь и болх 114 йуьртахь чекхбаьккхина, кхин а 18 йуьртахь чекхбаккха а лерина тӀебогӀучу шина баттахь.
Цул тӀаьхьа и болх дӀабахьа безаш 157 йурт йуьсур йу — царна тӀехь къахьоьгур ду 2023-2024-чуй шерашкахь.
Иза билгалдаьлла республикин Премьер-министра Хучиев Муслима «Газпром межрегионгаз» а, «Газпром межрегионгаз Грозный» а компанийн куьйгалхошца дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.