Халкъан хиндерг таханенах доьзна ду

молодежь

Кегийрхой, къона тIаьхье, вайн мохк кхиоран хIора дийнан коьрта дакъалацархой бу. Церан гIуллакхаш цхьана билггалчу хоршахь кхиорна тIехь тидам латтабо Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос. Россин кегийрхойн денна тIекхочуш шайн белхан кхиамех а, Iалашонех а лаьцна дийцира министра Тагиев Мурада.

– Кегийрхойн г1уллакхашкахула йолчу  министерствос вайн регионехь кхочушъеш йолу къоначеран политика тIехьажийна ю кегийрхойн хаарш, церан гIуллакхаш республикина а, берриге а махкана а пайдехь хилийтарна. Цундела юкъаозабо оха кегийрхой республикин социально-экономикин а, юкъараллин политикин а дахарна. Цул сов, адаман синхьашташ кхиорехь коьртаниг цуьнан ийман, гIиллакх-оьздангалла хиларна, тхайн балха тIехь цу  тIе къаьсттина тидам а бохуьйту оха. Тидамза ца дуьту кхоллараллин, Iилманан, спортан адамаш а. Цуьнца цхьаьна къийсам латто безаш хуьлу кхетам чIагIбалаза болу кхиазхой йийисаре лаца сиха кайолучу наркоманица, кортабахон маларш мийларца, томка озарца.

Цхьана а минотана лахбан йиш йолуш бац экстремизмана, терроризмана дуьхьал беш болу болх а. Оцу хоршахь беш болу болх кхин а жигарабаккха безарна тIе тидам бахийтина регионан куьйгалло. Дуьне а шайн дуьхьа лаьтта аьлла хета кегийрхой атта Iехало интернет-зIенехула а , вуьшта а «дог лазархойн» лаккхарчу идейх». Уьш 1ехабалар кIезиг хилийтархьама я хиллане  а ца хилийтархьама эвсараллица болх бо оха. Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн лехамца юкъаяьккхинчу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Юкъарчу концепцин некъашца.

Оцу 1алашонца дIахьо республикин районашкахь тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, «горга стоьлаш»,  семинараш. Тхан цхьаьнакхетарийн коьрта турпалхой бевзаш болу яздархой, журналисташ, юкъараллин гIуллакххой, доцца аьлча, шайх эца масал долу а, дахарехь нислучу галморзахаллех толамца чекхдевлла хьехар дан юьхь йолу нах хиларе терра, уьш  лаккхарчу айъамца дIадахьар хуьлу. Оцу цхьаьнакхетарийн цIерша – «Ийманехь кхетош-кхиоран мехаллаш». «Вайзаманан хьелашкахь кегийрхой кхиоран некъаш», «Бакъонаш талхорна дуьхьал» и.дI.кх.а дуьйцу церан чулацамах.

Экстремизмана, терроризмана дуьхьал къийсам латтор коьрта дакъа ду тхан белхан. Цуьнан Iалашо ю кегийрхойн хьекъалехь ваххабизм, экстремизм, терроризм зулам хилар чIагIдар а, ишттачу тобанех уьш ларбар а. Цунна лерина профилактикин гIуллакхаш до оха школашкахь, ссузашкахь, вузашкахь. Ткъа тIаьхьарчу хенахь иштта болх бан болийна оха пачхьалкхан а, муниципальни а органашкахь.

Наркоманица, кортабахон маларш мийларца, томка озарца, къийсам латтор хаддаза дIахьош ду къоначарна юккъехь. Оцу декъехь тхан белхан накъостий бу дешаран а, Iилманан а министерство а, Республикин СПИД туш а, Россин Федерацин РСКН Нохчийн Республикера урхалла, Нохчийчоьнан кинематографин урхалла, иштта кхийолу организацеш.

«2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийчохь могашалла Iалашъяр кхиор» цIе йолчу пачхьалкхан программехула а алссам гIуллакхаш дина а, дан лерина а ду тхо. Республикин спортивни турнираш «Спорт – наркотикашна дуьхьал!», берийн сочиненийн, суьртийн конкурсаш «Ларлолахь – Iожалла!», «Дахар луо хьайна!

2014-чу шарахь дуьйна юьртарчу кегийрхошца цхьаьнакхетарш дан долийна оха. Цигахь тхан таро хуьлу кегийрхойн проблемаш уллера йовза а, уьш дIаяхаран аьттонаш лаха а. Оцу цхьаьнакхетаршкахь къаьсттина тидам тIебохуьйту къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорна. Юьртан администрацин куьйгалхошца, маьждигийн имамашца а цхьаьна дIахьо оха болх.

Хууш ма хиллара, кегийрхойн ойланаш дIалаьцна хилам бу Шемахь берг. Цунах цакхетачарна моьтту Шемахь берг гIазотан тIом бу. И бакъ дац. Цигахь дIахьош берг, ницкъ кхочучу кепара вай лардала хьакъ долуш, боьхачу политикин тIом бу. Цунна тIехьажийна, «джихад» дешан чулацам бовзийтар Iалашо йолуш, Шемарчу хиламашна лерина «Вещдоки, Сирия» суьртийн гайтам кечбира оха. Ала деза, тхо санна, оцу гайтаман вовшахтохархо «Журналистийн бакъдерг» газет а хилла хилар гIо лоцуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Администраци а, Культурин министерство а яра. Амма коьртаниг, гайтаман 10 дийнахь цуьнга 5 эзар стаг хьажар дара.

БIаьрлачу гIуллакхах дара Республикин Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдеш дIаяьхьна нохчийн кегийрхойн Ерригроссин III-гIа съезд. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 31 субъектера цхьа бIе сов жима стаг.

2014-чу шеран 7-чу майхь дIадаьхьира «Шеран стаг – 2013» цIе йолу къоман юкъараллин преми ялар. 2014-чу шарахь иза магийра «Политика», могашалла Iалашъяр», Культура а, дезар а», «Ламастийн гIарол», доцца аьлча цхьайтта номинацехь.

2015-г1а шо доладелчахьана д1аяьхьна керла проекташ: «Умнее всех – 2015», (теле-ловзар), «Къилбаседа Кавказан Федеральни округан къоначу литераторийн литературни универсиада», «Единый день против лирики», «Куначество – 2015», иштта кхин а. Оха бинчу белхан цхьа дакъа бен дац ас кхузахь дийцинарг. Дукха ойланаш ю тхан кхочушъян езаш, республикин кегийрхошца цхьаьна кхочушдан дезаш дикка гIуллакхаш ду. Вайн къоман культурин ламасташ дукхе дукха ду. Уьш дахийта, дебийта, декхарийлахь бу кегийрхой. Кадыров Рамзанан гIо-накъосталла бахьана долуш, вайн кегийрхошна шаьш муьлххачу а декъехь: хуьлда иза спортехь, Iилманехь, искусствехь каро аьттонаш бу. Республикехь алссам ю кегийрхойн проекташ, программаш, цара гIо до похIмечу кегийрхошна шайн хьуьнарш довзийта. Шеко йоццуш ала йиш ю: вайн хиндерг вайх доьзна ду.

Нохчийн Республикин кегийрхой даггара декъалбо ас вайн юкъарчу дезчу денца, Россин Кегийрхойн денца.

Ирс-аьтто а, маьрша стигал а хуьлда шун дахарехь.

Зорбане кечъйинарг – Т.САРАЛИЕВА

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: