Некъан проект кхочушйаран хьалхара жамӀаш

«Кхерамза, дика некъаш» къоман проект Нохчийн Республикехь кхочушйаран хьокъехь дийцина Нохчийн Республикин вице-премьера – Автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара.

Цо билгалдаккхарехь, карарчу 2022-чу шарахь, цуьнан гурашкахь дуккха а белхаш бина.

«Карарчу шарахь, и проект кхочуш а йеш, 76,2 км некъаш меттахIиттийна республикехь, шайх 18,4 км некъаш регионан маьIне а, 57,8 км – Соьлжа-ГӀалин некъаш а долуш. ТIаьххьарчу 57,8 км некъах 46,9 км некъ Соьлжа-ГӀалара бу, ткъа 10,9 км – Устрада-ГӀалара», – дийцира А.Тумхаджиевс.

Буьйцуш болу белхаш, йеккъа гӀаланашкахь дӀабаьхьна ца Ӏаш, регионан маьIнечу некъашкахь а дIахьош бу.

«Регионан некъийн объектех лаьцна аьлча, ремонт йеш 3 объект йу: «Ищерски – Оьрза-ГӀала» некъан ши дакъа а, «Ищерски – Соьлжа-ГӀала» некъан цхьа дакъа а. Коьртачех ларалуш йолу и ший а маршрут хӀора а шарахь йукъайохуьйтуш йу (тайп-тайпанчу муьрашца) къоман проектана. Иштта, регионан маьIне а йолуш, чекхйаьккхина йоьалгIа проект а йу вайн – Гермачигна гобоккхийла», – билгалдаьккхира министра.

Гермачигна гобоккхийла тойаро машенийн дӀасалелар дикка кхерамза дан аьтто бина хилар а тIетуьйхира Тумхаджиев Абубакара.

«Оцу балхо аьтто бина цу агӀор некъан боламан кхерамзаллица долу хьал тодан а, иштта, чоьхьара некъ транзитан транспортах паргӀатбаккха а. Гермачигна гобоккхийла коьрта а, маьӀне а йу туризм кхиорехь а, хӀунда аьлча, Веданан кӀоштарчу туристийн объекташна («Къоьзан-Ӏам» спортан а, туристийн комплекс а, «Хой» историн а, архитектуран а комплекс а) тӀебоьдуш некъ бу иза. Иштта, меттигерчу бусалбанашна маьIне долчу Кишин Хедин зератана а оцу некъаца воьду тIе», – дийцина цо.

Цул сов, «Шела – Тевзана – Элистанжа – Ведана» некъа тӀера Селман-Тевзана воьдучу некъан 5-чу км-хь долу тӀай тодаран белхаш чекхбаьхна хилар а хаийтина цо.

Билгалдаккха деза, оцу проектан гурашкахь кхо тӀай тилларан а, цхьана тӀайна ремонт йаран а белхаш карарчу хенахь а дӀахьош хилар.

А.МАДАЕВ
№80, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: