ДХР-ра спортхой вайн махка кхайкхина Эдилов Валида

ВидеозӀенах пайда а оьцуш, тилпон къамел хилла Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министран Эдилов Валидан а, Донецкан Халкъан Республикин кегийрхойн а, спортан а, туризман а министран Громаков Александран а.

Шен къамелехь Эдилов Валида, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, оцу республикера спортхой вайн махка кхайкхина.

Цул сов, Нохчийчохь Ӏаморийн а, тренировкийн белхаш цара дӀабахьарехь оьшшуш долу гӀо-накъосталла дийриг хилар а хаийтина цо.

И гӀуллакх а, кхидӀа дерш а кхитӀе а дийцаре дан барт хилла шина а министран.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: