
Кавказерчу кхузаманахьлерчу искусствон II-гӀа Дуьненайукъара биеннале дӀахьош йу Москварчу Artplay дизайн-студехь.
Классикин кепара суртдилларна тӀера скульптурашка а, кхидӀа стрит-артан а, NFT-н а биста кхаччалц белхаш бу гайтамехь бовзийтина.
500 сов болх бовзийтинарг 185 дакъалацархо ву: Кавказерчу республикашкара а, Францера а, Германера а, Бельгера а, Израилера а, Чинера а, Хонкарара а, Урдунера а, и.д.кх.а.
Биеннален тема «Спустившиеся с гор» йу, Нохчийчоьнан цӀарах дакъалоцуш М.Закриев а, Р.Яхиханов а, А.Бугаев а, А.Гортикова а, Ӏ.Берсаев а волуш.
Билгалдоккху биеннален гурашкахь перформансаш а, киншкаш йовзийтар а дӀадахьар, иштта, музыкин ансамблийн гайтамаш хилар а.
Гайтаман коьрта накъост Нохчийн Республикин культурин министр Кадырова Ӏайшат йу хӀокху шарахь.
Цо, и проект кхочушйар къобалдарал сов, Москвахь биеннале дӀайаьхьна 2 кӀира даьлча, изза биеннале Соьлжа-ГӀалахь дӀайахьар а кховдийна.