Украинерчу операцехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана

Луларчу Украинехь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан могӀарехь тайп-тайпанчу халкъийн векалш хилар.

Иштта, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.

Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Вице-премьера Висмурадов Абузайда а, Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: