
Халкъан цхьааллин денна а, Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна а лерина мини-футболан турнир дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь.
Регионашна йукъара и турнир вовшахтоьхнера НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Соьлжа-ГӀаларчу «Вайнах» ФК-с а.
ХӀорашеран и турнир футболан ветеранашлахь (50+ шо) дӀахьош йу.
Карарчу шарахь цигахь дакъалоцуш йара Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а, Дагестанера а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а тобананаш.
Турниран жамӀаш иштта хилира: 1) Юлдуз (Дагестан), 2) Ангушт (ГӀалгӀайчоь), 3) Теркан кӀошт (Нохчийчоь).