
ХӀокху беттан 25-26-чуй деношкахь Кегийрхойн цӀийнехь (Соьлжа-ГӀала) дӀахьур йу Берийн кхоллараллин фестиваль.
Вайн махкарчу йукъарчу дешаран организацешкахь Ӏемаш долу бераш (11-14 шш.) хир ду цуьнан дакъалацархой.
Хореографи, гайтамаллин исбаьхьалла, хаза (исбаьхьа) дош, вокал дакъошкахь дӀахьур йу фестиваль.
Иза вовшахтоьхна Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхийн министерствос а, «Нохчийн Республикин берийн-кхиазхойн цхьааллин организаци» йукъаралло а.
ГӀо-накъосталла деш йу Кегийрхойн гӀуллакхаийн федеральни агентство.