
ХӀокху беттан 31-чохь дӀа а долош, тӀебогӀучу беттан 3-гӀа де чекхдаллалц дӀахьур ду хӀусамийн-коммунальни бахамца доьзначу гӀуллакхашца бахархой тӀеэцар.
И болх политикин «Единая Россия» партин дакъошкахь дӀахьур болуш бу: WhatsApp чохь кехат йаздарца а, ВКонтакте а, Одноклассники а сеташкахь дуьххьалдӀа эфираш йарца а.
Электронни op@chechen.er.ru почти тӀе кехат дахьийта а аьтто бу бахархойн.
Цул сов, почтин гӀоьнца кехат дахьийта аьтто а бина: 364021, Соьлжа-ГӀала, А-Хь.Кадыровн проспект, 3/25, бизнес-туш, 4-гӀа гӀатт.
ДӀайазвала а, хаттарш дан а аьтто бу хӀокху лоьмаршца: 8(8712)22-23-03, 8(938)901-08-39 (WhatsApp а йу кху тӀехь).