
ТӀеман хиламаш хӀинца Россин Федерацин латтанашкахь дӀахьош а бу, маьршачу бахархошна а, социальни объекташна а тӀетохаран муьлххачу а аьттонах пайдаоьцуш мостагӀ а ву.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь аудиокъамел дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна хетарехь, Украинин эскарийн туохаршна дуьхьал гӀийла жоп луш йу Росси.
«… Украинхойн тӀеман хӀоьънаш вайн латтанашка иэгаш делахь, вай церан гӀаланаш дӀахьекха йеза, геннара анайист гучу а йоккхуш. Вайн латтанашка туохар дар царна дагадаийта а йиш йац«, — билгалдаьккхина цо.
Иштта, Ӏамарк а, Европа а, НАТО а тахана йамартлоне политика дӀахьош хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.