
«Ахмат» ФК-н кхиархо а, ловзархо а хилла Кадыров Халид вайн махкахь футбол кхиорна Ӏуналла деш хир ву.
Иза билгалдаьлла НР-н физически культурин а, спортан а министран Эдилов Валидан а, Кадыров Халидан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Кадыров Халид шен гӀоьнча хӀоттош хилар хаийтина цигахь Эдилов Валида.
«Футбол кхиорна мел оьшу хьелаш долуш ду вайн республикехь: говза белхахой бу, кийчча инфраструктура йу, йеш йу футболан манеж а«, — дийцина министра.