
37,5 м йохалла а, 14,8 м шоралла а йолуш, керла, кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу тӀай схьадиллина «Эна-Хишка — Соьлжа-ГӀала» некъа тӀехь.
Аьчкийн конструкцех тиллина и тӀай доккха маьӀна долуш ду меттигерчу бахархошна а, вайн мехкан хьешашна а.
Билгалдоккху иза тилларан белхаш къоман «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь дӀабаьхьна хилар.
«Эна-Хишка — Соьлжа-ГӀала» некъаца «Серноводский-Кавказский» санаторе а, луларчу ГӀалгӀайчу а вахарехь а, Эна-Хишкан а, ТӀехьа-Мартан а, Грозненски а кӀошташкара Соьлжа-ГӀала кхачарехь а боккха Ӏаткъам хир бу цунах.
ТӀай схьаделларехь дакъалаьцна НР-н вице-премьера — Автомобилийн некъийн министра А.Тумхаджиевс а, Эна-Хишкан кӀоштан префекта И.Исраиловс а, къаноша а, бахархоша а.