Кадыров Рамзан: 23 бӀаьхо кхелхина а, 58 лазийна а ву…

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш йолчу нохчийн бӀаьхойн тобанех цхьанна тӀе, хууш ма-хиллара, арт-тохар динера Украинин эскарша масех де хьалха.

И бохаме хилам Херсонан областехь хилла бу.

Цигара кӀелхьарбахаран белхаш дӀаберзар билгал а доккхуш, жамӀаш довзийтина НР-н Куьйгалхочо: 23 бӀаьхо кхелхина а ву, 58 лазийна а ву.

«ХӀокху деношкахь тезет шун хӀусамашкахь хилла ца Ӏа — тезет йерриге а Нохчийн Республикехь ду«, — йаздина Кадыров Рамзана, доьзалхой кхелхинчу доьзалшкарчу халахетаран дакъа шена а, нохчийн халкъана а кхачар дӀа а хоуьйтуш.

Иштта, Иблисан ницкъашна дуьхьал болчу тӀамехь уьш кхалхарна тӀе тидам а бохуьйтуш, «АллахӀа церан гӀазот къобалдойла«, — аьлла, тӀе а тоьхна НР-н Куьйгалхочо.

Цул сов, бекхам боцуш шайтӀанаш дуьтург цахиларх дуьйцуш, оццу дийнахь вайн бӀаьхоша 70 гергга бандерхо хӀаллаквар а хаийтина цо.

Кхелхинчеран доьзалш тесна буьтург цахилар дуьйцуш, Ӏедало царна дечу гӀоьнах дийцина ца Ӏаш, уьш Сийлахьчу Макка бохуьйтург хилар а хьахийна Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: