Нохчийн бӀаьхоша дӀахьочу «Бекхам» операцин жамӀаш довзийтина Кадыров Рамзана

Россис тӀеман леррина операци дӀайахьаран гурашкахь нохчийн бӀаьхоша дӀахьочу лерринчу, къаьсттинчу «Бекхам» операцин жамӀаш довзийтина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.


ХӀокху беттан 25-27-чуй дд. жамӀаш иштта ду:➡️Николаево-Криворожьен агӀонехь хӀаллаквина 657 мостагӀ, 300 — лазийна. Цул сов, 8 танк а, 5 БМП а, тӀехула гӀагӀ диллина 20 машен а, 4 йоккха топ а хӀаллакйина;➡️Соледаран агӀонехь 95 мостагӀ а, чӀагӀйина минометийн 2 туш а, 4 танк а, 5 БМП а, 4 пикап а, тӀехула гӀагӀ диллина 1 машен а хӀаллакйина;➡️Донецкан агӀонехь а жигара дӀахьош йу и операци.

«ШайтӀанашка а, царна гӀо-накъосталла дечу НАТО-н йолахошка а садоӀуьйтуш дац минотехь а«, — йаздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: