Цхьаьна гIуллакхаш дар шуьйра гойтур ду

IMG_0004

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат хIокху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу Радион цIийнехь цхьаьнакхийтира Монополина дуьхьал йолчу Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочуьнца Эльбукаев Асламбекаца а, Нохчийн Республикехь предпринимателийн бакъонаш ларъяран векалца Усманов Идрисца а.

Дийцаре дина долу коьрта гIуллакх дара Монополина дуьхьал йолчу службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин болх а, ткъа иштта Россин монополина дуьхьал йолчу Федеральни службин 25 шо кхачарна лерина долу ведомствон планан гIуллакхаш а регионан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь гайтарехь цхьаьна гIуллакхаш дарх лаьцна.

Умаров Джамбулата циггахь тIедиллира Монополин  а дуьхьал йолчу Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин болх регионан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь гайтаран план кечъяр.

«Шун службин декхар ду жимачу а, юккъерчу а бизнесан буха тIехь вайн пачхьалкхан экономика дIахIоттор. Оцо тар ца долуьйту предпринимательски балхахь монополи хилар. Ткъа оха дан оьшу муьлхха а гIо дийр ду шуна», – элира Умаров  Джамбулата.

Монополина дуьхьал йолчу Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Эльбукаев Асламбека министрана Умаров Джамбулатана баркалла элира шаьш деана гIуллакх кхетарца тIеэцарна, дIахаийтира Нохчийн Республикин  дуьхьа цхьаьнатоьхначу ницкъашца дуккха а гIуллакхаш дан таро лург хиларх шаьш тешна хилар.

Билгалдаккха деза Монополина дуьхьал йолу Россин Федеральни служба кхочушдаран Iедалан федеральни орган хилар. Цо кхочушдо бакъонийн нормативни акташ тIеэцаран а, монополина дуьхьал долу законашший, Iаламан монополийн субъектийн белхан декъера законашший лардарна т1ехь таллам латторан а, рекламин а, бахамийн юкъараллаша кхечу мехкийн инвестицеш юкъаяхкарна, ткъа иштта пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташна товараш эцарна, белхаш барна, хьашташ кхочушдарна тIехь таллам латторан а декхарш.

А.ЛАЛАЕВ 

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: