Донецкерчу «Сомали» а, «Спарта» а батальонашна гӀо дина Кадыровн фондо

Донецкан цӀейахханчу «Сомали» а, «Спарта» а батальонашна машенашца а, коптершца а, кхачанан сурсаташца а гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина гӀо-орца дӀаэцна вахана НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, Кегийрхойн гӀуллакхийн министр Ибрагимов Ӏийса а хилар.

Билггал аьлча, батальонийн хьашташна эцнарг шишша УАЗ «Патриот» машенаш а, кхоккха УАЗ СГР машенаш а, тепловизоршца йолу коптерш а, кхачанан сурсаташ а ду.

«Нохчийн Республикерчу подразделенешна гӀо дина ца Ӏаш, кхечу регионашкарчу бӀаьхойн дакъошна а, ДХР-чу тобанашна а гӀо дан вайн йиш хиларна хастам бу АллахӀана«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, шайтӀанашца къийсам латторан балхана доккха гӀо-орца латтош йолчу Несин Айманина баркалла а аьлла цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: