
Россин Журналистийн союзан (РЖС) XIII-гӀа гулам дӀабаьхьна Москвахь.
Нохчийчоьнан цӀарах цигахь дакъалаьцна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран 1-чу заместитела С-С.Абдулмуслимовс, НР-н Журналистийн союзан председатела, «Вести республики» газетан коьртачу редактора И.Исмаиловс, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс.
Оцу гуламан гурашкахь РЖС-н председателан дарже йуха а В.Соловьев хаьржина хилар билгалдоккху И.Исмаиловс.
Цул сов, нохчийн делегацис цигахь бина болх а бовзийтина цо: РЖС-н векалшца а, регионашкарчу белхан накъосташца а цхьамогӀа цхьаьнакхетарш дӀадахьар, белхан зеделларг вовшийн довзийтар, цхьаьнагӀуллакхдаран агӀонаш йийцаре йар.