«ОНИКС»-н хьашташна нехаш схьагулйаран 15 машен эцна

Коммунальни даххашца болх беш йолу «ОНИКС» йукъаралла шен болх керлачу тӀегӀане баккхаран декъехь къахьоьгуш йу.

Цуьнан могӀарера ду компанин хьашташна нехаш схьагулйаран керла 15 машен эцар.

Дола а йаьхна, «ГЛОНАСС» система хӀоттийначул тӀаьхьа, Соьлжа-ГӀалахь а, муниципалитеташкахь а болх бийр бу цара.

Цул сов, нехаш гулйаран аьчкан контейнерш хийцарехь а кхиамаш бу компанин: хӀинцале дӀахӀоттийна 400 сов кхузаманахьлера контейнер.

Экологин мел болчу лехамашца уьш йогӀуш хилар билгалдоккху «ОНИКС»-хь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: