Йукъараллехь кхерамазалла хилийтаран Iалашонца Нохчийн Республикин экономикин а, йукъараллин а кхерамазаллин кхеташоно дагадоуьйту лелхаш йолу хIуманаш, лелхаш болу гIирсаш, шеко йолу хIуманаш хаайелла хьал хилча муха а, хIун а дан деза.

Полицис цхьамогIа иэсалгаш (памятка) кечйина гражданийн кхерамазаллин тIегIа лакхадаккхарна, Iаморна.
Царах цхьаъ лерина йу шеко йолчу хIуманашна йа лелхаш йолчу хIуманашна дан дезачунна. Иза дагахь латто деза, хIунда аьлча, Халкъийн цхьааллин денца йоьзначу мероприятешкахь а, йукъараллин меттигашкахь а дукха адамаш хуьлу.
Делахь-хIета, Iаламат чIогIа мехала ду цIеххьана хIоьттинчу чолхечу хьолехь дан дезачунна хIора а кийчахилар.
Лелхаш йолу хIуманаш йа лелхаш йолчу хIуманех тера йолу шеконе хIуманаш (дипломаташ, тIоьрмигаш, беттанаш, ларчаш) карийча, эккхийтар цахилийтаран Iалашонца хIара бакъонаш йовза а, ларйан а йеза:
– доьхкуш ду шеко йолчу хIуманах куьг Iоттар, дIасайаккхар, цунна тIе (латта, гIум) йа кхин хIума тасар;
– доьхкуш ду ишттачу хIуманна йуххехь электро-радиоаппаратурех пайдаэцар;
– доьхкуш ду лелхаш йолчу хIуманашна йовхонан, аьзнийн, механикин, электромагнитан тIеIаткъам бар.
Шеко йолу цхьа хIума карийча маггане а мегар дац эккхарна кхераме йолу кхин хIуманаш лехар.
Шеко йолу хIуманаш хаайелча (карийча) хIара тайпа гIуллакхаш дан деза:
1) Нагахь санна карийна йолу хIума, шуна хетарехь, «оцу меттехь а, оцу хенахь а» цигахь хила йезаш йацахь, и хIума тидамза ма дита.
2) Нагахь санна шуна йукъараллин транспорта чохь йицйина йа да воцу хIума хаайеллехь, шайна йуххехь волчуьнга хатта цунах дерг. Иза хьенан йу, хьан йитина хила тарло хьажа гIорта.
3) Нагахь санна шеко йолу хIума шайн цIийнан неIарехь карийнехь, адамашка хатта, иза церан хила тарло.
4) Нагахь санна и йолуш верг ца хилахь, сихонца оцу карийначу хIуманан хьокъехь хаам бе уггаре а гергахь йолчу полицин подразделенига.
5) Нагахь санна шеко йолу хIума учрежденехь карийнехь, сихонца карийначу хIуманан хьокъехь хаам бе администрацига.
Дагардинчу дерриге а хьелашкахь:
– карийначу хIуманах куьг а ма тоха, иза схьа а ма йаста, дIаса а ма хилайе;
– хIума карийна хан дагахь латтайе;
– кхерамечу хIуманна адамаш мелла а гена даха хьажа;
– полици тIекхаччалц собардар тIехь ду;
– хьуо уггаре а мехала теш хилар диц ма де.