А-Хь.Кадыровн иэсана леринчу сихачу шахматийн турниран жамӀаш

Дона-тӀера-Ростовехь дӀайирзина сихачу шахматийн турнир. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина йара иза.

2011-чохь дуьйна дӀахьочу цигахь карарчу шарахь дакъалоцуш Россин 14 субъектан 108 векал вара.

Турниран жамӀашца а догӀуш, божаршлахь 1-ра меттиг Ставрополан мехкан, 2-гӀа меттиг Санкт-Петербурган, 3-гӀа меттиг Краснодаран мехкан векала йаьккхина.

Зударшлахь 1-2-гӀий меттиг ГӀирмин векалша йаьккхина, ткъа 3-гӀа — Ростовн областан векала.

Божаберашлахь а, зудаберашлахь а толаман а, совгӀаталлин а меттигаш Ростовн областан векалша йаьхна.

Ветеранашлахь тоьлларг Нохчийчоьнан векал Яндарбиев Руслан ву.

Билгалдоккху турнир дӀайахьарехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр А Дудаев а, Кегийрхойн гӀуллакхийн министр Ӏ.Ибрагимов а, Ростовн областан 1-ра вице-губернатор И.Гуськов а, Ростовн областан физически культурин а, спортан а министр С.Аракелян а, кхиберш а хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: