
Россин а, ГӀажарийчоьнан а махлелоран а, экономикин а йукъаметтигийн комиссин 16-гӀа кхеташо дӀайирзина Соьлжа-ГӀалахь.
Пленарин кхеташо дӀайахьарехь дакъалецира Россин вице-премьера Новак Александра, ГӀажарийчоьнан мехкадаьттан министра Оуджи Джавада, Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима.
Цул тӀаьхьа тӀеийцира Россин а, ГӀажарийчоьнан а йукъаметтигашца доьзна цхьамогӀа документаш:
— Россин а, ГӀажарийчоьнан а махлелоран а, экономикин а йукъаметтигийн 16-чу комиссин кхеташонан протокол;
— Россин могашалла Ӏалашйаран министерствос а, ГӀажарийчоьнан могашалла Ӏалашйаран, медицинин дешаран министерствос а цхьаьнагӀуллакхдаран хьокъехь меморандум;
— «ВО Промсырьеимпорт» (Росси) а, SEDCO (ГӀажарийчоь) а компанеш вовшийн кхетаран хьокъехь меморандум;
— ГӀажарийчоьнна экспортан кредит даларан хьокъехьчу бартана хийцамаш баран хьокъехь протокол.