
№53 йолу берийн беш схьайиллина Соьлжа-ГӀалахь. Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь кхелхинчу нохчийн бӀаьхочун Урузбиев Идрисан цӀе лелор йу цо.
Иштта сацам бина Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама Х.Кадыровас.
140 меттигна лерина иза берашна мел оьшу хьелаш чохь а, арахь а долуш йу.
Цул сов, могашаллица халонаш йолчу берашна а, бахархошна а хьелаш а ду цигахь кхоьллина.
Берийн беш схьайелларехь дакъалаьцна НР-н Правительствон Ишколал хьалхарчу дешаран комитетан председатела А.Черхиговс, Соьлжа-ГӀалин мэра Х-М.Кадыровс, иштта, кхеташ ма-хиллара, И.Урузбиевн доьзало а, кхечара а.