Хьо вуй «Ахмат» боламехь?!

ахмат

Къоналла – иза дуккха а таронаш йолу хан ю, цу хенахь дукха хуьлу кегийрхойн коьртехь ойланаш,  ирсечу кханене сатийсар а, Делан къинхетамца,  массо хIумане кхиа лаар а.

«Ахмат» боламо ло кегийрхошна, студенташна цу тайпа таро. Къона долчу хенахь уггаре а дукха доттагIаллаш тасало, тайп-тайпанчу белхан дакъошкахь болх бан а Iема. Карарчу хенахь  Хаджимурадов Хаважи ву оцу  боламан куьйгалхо.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директор  Хаджимурадов Iийса ву «Ахмат» боламан куратор. 2014-чу шеран 22-чу октябрехь дIаболийна цо шен болх. Цуьнан куьйгаллица кхочушъеш ю ерриге а проекташ.  Царна юкъадогIу ловзарш, къийсадаларш кегийрхошна

пайдехь а, церан самукъадолучу  агIор а хуьлу (бокс, шахматаш, футбол).

Боламнан юкъахь волчу  муьлххачу а дакъалацархочун бакъо ю волонтер хила. Тоьллачу дакъалацархойн Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн белхан тобанехь хила а йиш ю.
Боламан балха  юкъахь мел хуьлуш дерг жигархой Iаморна а, кечбарна а лерина  ду. Тренингаш,  цхьаьнакхетарш хIора кIиранах  кхузахь дIахьо

говзачу хьехархоша. «Акцеш, профилактикин белхаш, шаьш йина проекташ кхочушъеш, конкурсашкахь дакъалоцуш къахьоьгу «Ахмат»

боламан дакъалацархоша. Цул совнаха, кхин а дуккха а таронаш ю боламан.

Хьекъал, хаарш лакхадахарна лерина бу оха беш болу болх.

Кегийрхошца тренингаш, занятеш еш белхан кхо говзанча ву. Тобанна куьйгалла дар а, къаьмнашна юкъара дипломати а, проекташ язъяр а Iамадо цара. Жигархоша хIиттийначу проекташ тIехь болх беш, царна юкъахь къийсадаларш дIахьош, гIолехь болчарна ахчанца гIо деш

ду тхо», – дуьйцу Хаджимурадов Iийсас.
«Ахмат» боламан  «Новкъахь – кхерамазалла» цIе йолу проект массо а районехь кхочушъеш ю.Ницкъ кхочучу агIор кегийрхошна некъан

бакъенаш йовзийта гIерташ, уьш тидаме хилийта гIерташ

болх дIахьош бу боламан дакъалацархой.
«Хала бер» проект кхочуш а еш, харцахь лелаш  долчу берашна тIехь Iуналла до, дийнахь школехь доцурш а, буьйсана  арахь леларш а

билгалдоху. Да-нана доцу бераш цхьацца тобанашка дIа а нисдо.
Шаьш хIора дийнахь дIахьочу балхах лаьцна а, муьлхачу проекташна тIехь болх беш ду а дийцира боламан пресс-службин белхахочо  Исмаилова Асета: «Вайн республикехь дIа мел хьочу цхьаьнакхетаршна юкъахь дакъалоцу

оха, тхайн ойланаш, лаамаш  кхочушбан а аьтто хуьлу тхан.
Боламна юкъахь хIораннан а шен даго къобалъен проект къастийна,  дакъалаца аьтто хуьлу.

«Ахмат» боламан проекташна юкъахь ю: «Нохчийн исторехь – зудчун меттиг», «Со бусалба ю», «Дика гIуллакхаш», «Маларна

дуьхьал», «Виъ знаток», «Вайн некъ – тIарикъат», «Насвайна дуьхьал»,

«Нийсачу новкъа довлар», «Тхуна дицлур дац», кхиерш. Оцу массо

а проектан Iалашо ю кегийрхошкахь Даймахке безам кхиор, церан дог иракарахIоттор.  – элира цо.
Х.АВХАДОВА

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: