
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, Нохчийн говзаллийн-технологийн колледжехь схьайиллина дешаран керла корпус.
Лекцешна лерина 5 аудитори а, 3 пхьалгӀа а, библиотека а дӀатарйелла цу чохь.
Уьш хӀора а мультимедин а, гайтамаш дӀабахьаран а гӀирсашца а, компьютершца а кхачо йолуш йу.
ПхьалгӀанийн хьокъехь аьлча, WorldSkills Russia-н лехамашца экзаменаш дӀайахьа аьттонаш а болуш йу уьш.
Дешаран керла корпус схьайелларехь дакъалаьцна НР-н дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.