Алаудинов Аптих тешийна керла дарж довзийтина Кадыров Рамзана

Луганскан Халкъан Республикин Халкъан милицин Урхаллин тӀеман 2-чу корпусан буьйранчин заместитель хӀоттийна Алаудинов Апти.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, тӀеман тийсадаларш дӀадахьаран декъана Ӏуналла деш хир ву Алаудинов Апти шен керлачу даржехь.

Делахь а, Кадыров Рамзана ма-хаийттара, «Ахмат» спецназан командир керлачу даржана резахиларан цхьа бехкам бара — Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчин дарж а цуьнгахь дитар.

«ТӀеман инарлин, ткъа, цул сов, сайн ВЕШИН дехарна реза ца хила йиш йац сан«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, жоьпаллечу дарже хӀотторца а догӀуш, Алаудинов Апти даггара декъала а вина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: