Бахархой гурахь эскаре кхайкхаран болх республикехь а дӀаболийна

Нохчийчохь а дӀаболийна кегийрхой гурахь эскаре кхайкхаран болх.

ХӀокху беттан 1-чохь дуьйна дӀахьош болу и болх кхочушбеш 17 комисси йу.

Гурахь эскаре кхайкхина вайн кегийрхой Донбассерчу тӀеман дакъошка хьовсор болуш цахилар хаийтина Нохчийн Республикин ТӀеман комиссариатехь.

Цул сов, цара билгалдаккхарехь, карарчу хенахь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш а хир бац уьш.

Делахь а, кхайкхаран кехаташ шайга кхаьчначу бахархошка кхайкхам а бина цара, комиссариате ца догӀуш ма Ӏе аьлла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: