НР-н Правительствон вице-премьеран дарже Алханов Адам хӀоттийна

Нохчийчоьнан Парламентан 33-чу кхеташонехь къобалдина Правительствон вице-премьеран дарже Алханов Адам хӀоттор.

Цуьнан кандидатура, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, нохчийн депуташна йовзийтинарг Премьер-министр Хучиев Муслим вара.

Кандидатан дахар довзуьйтуш, цо билгалдаьккхира ТФОМС-н куьйгалхочун 1-чу заместителан даржехь а, чоьхьарчу гӀуллакхийн органашкахь а цо къахьегна хилар.

Иштта, ша Алханов Адаме а делира дош депутаташа.

Шех иштта доккха дарж тешорна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а олуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтӀахь а волуш, шен балха тӀехь Нохчийчоьнан а, нохчийн халкъан а дуьхьа ша хьанал къахьоьгург хилар хаийтира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: