ХӀинццалц «Соьлжа-ГӀала — Дубай» маршрутехула UTair-н 1 кема леллехь а, хӀокху беттан 16-чохь дуьйна кхин 1 кема а лела долалур ду.
«16-чохь дуьйна Соьлжа-ГӀалара кхин а 1 рейс тӀетухуш йу Дубай: кеманаш лелар ду кхааре а, кӀиранде а деношкахь«, — билгалдаьккхина авиакомпанин векалша.
Баханчу баттахь йуха а схьайиллинчу оцу маршрутехула UTair-н кема кӀирандийнахь 1 бен дӀаса ца доьдура хӀинццалц.