«Артекан» – 90 шо

артек

ДIадаханчу бIешеран 70-80-чуй шерашкахь кегийрхойн доттагIаллин уьйраш юзу а, чIагIло а туш хилла лаьттина Ерригсоюзан берийн лагерь-санаторий «Артек», 1925-чу шарахь ГIирмехь схьайиллина. Вайна бевза хиламаш хилале, хIора шарахь 83 пачхьалкхера бераша садоIура оцу лагерехь. Уьш бахьана долуш, кху тIаьхьарчу шерашкахь хIордан бердаца 7 километр, 216 гектар лаьтта тIехь йиллина хилла лагерь ширъелла а, дIатесна а лаьттина.  ХIара шолгIа шо ду лагерь денъяла йолаелла.

Кху шеран аьхкенан каникулашкахь алссам бераш гулделла «Артекехь». Ала деза, карара шо юбилейни ду лагеран – иза схьайиллина 90 шо кхаьчна. Оцу башхачу гIуллакхца «Артек» а, «артековцаш» а декъалбира даздаршка веанчу Россин Правительствон Председатела Медведев  Дмитрийс. Россин Правительствон цIарах «Артекна» совгIатна компьютерни класс елира цо. Гулбеллачаьрга вистхуьлуш премьер-министра элира:

– Стохка а веанера со кхуза, амма мел ирчачу хьолехь яра лагерь цу хенахь, дагалаца а ца лаьа суна. Со воккхаве, йоццачу хенахь «Артек» денъяларх. Шеко яц, иза хиллачул а исбаьхьа хилла дIахIуттург хиларан. Кхузахь садаIар башха ду, со хьоьгуш ву шух. Шуна алссам керланиг девзар ду, керла доттагIий а карор бу. Дикачу доттагIаллех доьзна ду адамийн ирсе дахар. Ткъа «Артекехь» тасаделла доттагIалла, цкъа а ца духуш, чIогIа хуьлу. Премьер-министрана бераша дийцира, шаьш садаIаре терра, спортана, хIордан гIуллакхана, туризмана терго еш хилар а, меттигера Аюр-Даг лам, шайх хIорамма а цуьнан бохь тIе цхьацца тIулг кхоссарна, лакха болуш хилар а. Ломан бохь тIе шен цIарах тIулг кхоссар дийхира Д.Медведевс. Цул тIаьхьа, «Артекан» ламаст хилла лаьттина гIуллакх ца дохон, иза пионерийн могIаре дIаэцарна лерина цIен  галстук йихкира премьер-министрана.

«Артек» тояран программехула лерина ду, лагерна капитальни ремонт яр а, керла экспериментальни майданаш а, кхитIе долчу дешарна лерина методически туьшаш а схьаеллар. И программа чекхъяьлча, шарахь 46 эзар беран садаIа йиш хир ю «Артекехь».

 

Т.Махмудова

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: