
Нохчийн Республикин керла Прокурор ву.
Оцу хьокъехьчу Указна куьг йаздина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
№801 лоьмар йолу и Указ зорбатоьхна Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru интернет-порталехь.
Цуьнца а догӀуш, тӀедогӀучу 5 шарна оцу дарже хӀоттийна Адаев Арсан.
Прокуратурин органашкахь 2003-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш а волуш, 2021-чохь дуьйна Грозненски кӀоштан прокурор латтарца вевзаш ву иза.