«Турпалхой» боламо керла а, маьӀне а проект дӀайолор йу

Культурин дӀадолорийн Президентан фондо дӀахьочу конкурсехь грант йаьккхина Республикин йукъараллин «Турпалхой» боламо.

«Шайн Даймехкан гӀаролехь – «ТӀеман лерринчу операцин Турпалхой» проект кхочушйийр йу оцу грантаца.

Цуьнан гурашкахь дӀахьур бу «ТӀеман лерринчу операцин Турпалхой» гайтамаш, майралла а, доьналла а гайтина хӀора а бӀаьхо вовзийтаран стендаш а йолуш.

Гайтамаш, 2 600 сов стаг йукъа а лоцуш, 3 гӀалахь а, 10 кӀоштахь а дӀабахьар ду Ӏалашонехь.

Церан [гайтамийн] гӀоьнца хьовсархошна вовзуьйтур ву 150 турпалхо а, белхан декхарш кхочушдарехь даьхна церан суьрташ а, цара гайтина хьуьнарш а.

Цул сов, социальни сеташкахь а дуьйцур ду «Турпалхой» боламо оцу турпалхойх лаьцна.

Проект кхочушйарехь цунна гӀо дийр ду Культурин а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн а, Кегийрхойн а, Дешаран а, Ӏилманан а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн а министерствоша а, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхалло а, патриоталлин «Путин» клубо а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: