Шен цӀахь «Зенит» эшийна соьлжагӀалахоша

«Газпром Арена» тӀехь хилла таханлера цхьаьнакхетар соьлжагӀалахойн толамца дӀадирзина.

Билггал аьлча, 1 : 2 чот а йолуш, «Ахмат» ФК-с эшийна шен цӀахь ловзуш йолу Санкт-Петербургера «Зенит» ФК.

Ловзар Футболехула йолчу Россин Премьер-лигин 16-чу туран гурашкахь дара.

ХӀокху муьрехь «Зенит» дуьххьара эшийна хиларна тӀе тидам бахийта богӀу.

⚽Зенит: А.Мостовой (65′);
⚽Ахмат: Е.Харин (1′), М.Конате (8′).

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: