
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь жигара дакъалоцуш йолчу нохчийн «Восток-Ахмат» батальонна гӀо-орца дахьийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина и гӀо-орца дӀаэцна Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин хьаькам Черхигов Идрис вахана хилар.
Цул сов, Кадыров Рамзана дийцарехь, сурсатех а, техникин гӀирсех а лаьтташ долу и гӀо-орца маьӀне хир ду нохчийн салташна, хӀунда аьлча, коптерш а, тепловизорш а йу цунна йуккъехь.
И гӀо-орца батальонна дӀакхачийна ца Ӏаш, бӀаьхошца къамел а хилла Черхигов Идрисан, иштта, шеца цхьаьна батальонан буьйранча Салиев Асламбек а волуш, тӀеман фронтан хьалхарчу зилашкахь а хилла иза.