
«Республикин кӀошташ кхиарна доккха маьӀна долуш ду агропаркаш кхоллар, хӀунда аьлча, хӀора а муниципалитетан башхаллаш тидаме оьцуш гӀуллакх ду иза«, — билгалдаьккхина Шаптукаев Рустама.
Иза куьйгаллехь а волуш кхеташо дӀайаьхьна Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь.
Цигахь бийцаре бина «Алпатовский» а, «Курчалоевский» а агропаркаш кхолларехь ахчанца кхачойаран болх.
«Кавказ.РФ» йукъаралло инвестицийн проекташна финансашца гӀо-накъосталла даран гӀирсех пайдаоьцур бу и ший а агропарк кхолларехь.
16 а, 100 а га майданаш дӀалоцуш хир йолу и ший а агропарк инвестицийн а, совдегараллин а гӀуллакх даржор а, йуьртан бахам кхиор а Ӏалашо йолуш хир йу.