Вайн кханенан дегайовхо

image50757883Зама сиха, хьаьдда йоьду. Селхана школе деша лелларг тахана воккха хуьлий, дахарехь шен меттиг д1алоций караво. Иштта, б1аьр-нег1ар тоха кхиале, керла чкъор хьалакхиъна карадо вайна… Вайн кхане кегийрхойх йоьзна ю. Кегийрхоша кхочушдечу гIуллакхашка а, церан дог-ойлане а, дахарехь церан болчу лехамашка а хьаьжжина, хир ю вайн кхане а. Цунах дика кхеташ хиларе терра, кегийрхойн политика кхочушъярна боккха тидам тIебохуьйту вайн республикин куьйгалхоша. Иза вуно мехала а ду, хIунда аьлча Нохчийчоьнан бахархойх 38 процент  кегийрхой бу. Нохчийн Републикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Дааев Хож-Баудис чIагIдарехь, верриге а 497 эзар стаг ву вайн республикехь оцу категорина юкъавогIуш.

– Вайн республикин куьйгалхойн йоккхачу тергонехь ду Нохчийн Республикин кегийрхой гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиор, – дийцира министра тхан   шеца  хиллачу  къамелехь. – Оцу Iалашонца вайн республикехь, чIагIйина, тIеэцна леррина концепци ю. Министерствон берриге а  болх ала мегар долуш, оцу концепцин гурашкахь дIахьош бу.

Нохчийн Республикин къоначу бахархошна могашалла Iалашъярехь а, физически культурин а, спортан а дакъошкахь гIо-накъосталла дарехь дуккха а белхаш бо министерствос. Коьртачу декъана спортан гIуллакхаш вовшах а туху, республикехь а, республикел арахьа а дIахьочу гIуллакхех лаьцна хаамаш а бо. Вайн республикехь дуьххьара дIаяьхьира  спортехула йолу Универсиада. Цигахь спортан исс кепехула къийсадаларш дара. Верриге а 250 дакъалацархо вара цигахь шайн хьуьнарш зуьйш. ТIедогIучу шарахь кхин а алсам хир бу Универсиадехь дакъалоцурш а, спортан дисциплинаш а.

Министерствос вайн кегийрхойн спортаца долу гергарло а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан кегийрхойн доттагIаллин уьйраш а чIагIъяран Iалашонца кху шеран августехь Регионашна юкъара кегийрхойн туристийн «Турфест–2013» цIе йолу фестиваль дIаяьхьира. Невран районерчу Капустинехь вовшахтоьхначу четарийн лагерехь цхьаьнакхийтира  тайп-тайпанчу районашкара  кегийрхой. Верриге а 120 стаг вара гIашлойн туризман техникехула  къовсалуш.

Iилманан а, кхоллараллин а яккхий таронаш ю республикин кегийрхойн. Амма шайн корматаллех цаьрга пайдаэцийта а, цхьа гIуллакх схьа а лаьцна, дIадахьа церан дог даийта а хьокъала доллу хьелаш кхолла деза. Долуш дерг хьесапе а эцна, Iилманан а, кхоллараллин а конкурсаш а, тайп-тайпана фестивалаш а вовшах а тухуш, толамхошна совгIаташ деш, гIуллакх дар вуно мехала ду. ДIадаьхьначу тайп-тайпанчу гIуллакхашна юккъехь тидам тІебахийта лаьа хIора шарахь дIахьош болчу «Нохчийн Республикин кегийрхойн Iилманан-технически кхолларалла» цIе йолчу гайтамна. Кху шарахь пхоьалгIа дIабаьхьира иза. Iилманан-талламан а, инновацин проектийн а, конструкторийн а 70 болх бара цигахь гойтуш. Толамхой Москвахь дIахьочу Ерригроссин «НТТМ» конкурсе бахийтира. Царах шимма шайн проекташ кхочушъян гранташ ехира.

– Студентийн «Студенческая весна» цIе йолу  исбаьхьаллин кхоллараллин фестиваль кху шарахь уьссалгIа дIаяьхьира, – бохура Дааев Хож-Баудис.  –Билгалдаккха деза, фестиваль хиллачул тIаьхьа, кхоллараллин коллективаша шаьш долчу балха кхойкху цуьнан дукхахболу дакъалацархой.

Кху шеран апрель баттахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округан «IТ-школа» фестиваль. Къоначу 150 программиста дакъалецира цигахь. Царах 60 дакъалацархо кхечу регионашкара вара. Хьоьхуш Россин IТ-компанийн тоьлла эксперташ а болуш, дешаран программа дIаяхьарал сов, кегийрхойн проекташ гранташна хьалхатоттуш, конкурс хилира. Хьалхатеттина хиллачу 45 проектах тоьлла пхиъ къастийра. Шайн Iалашонаш кегийрхошка кхочушъяйтархьама, хIоранна бIе эзар соьмана гранташ дIаелира.

Кху шеран май баттахь кхочушъян йолийначу «Къоначу фермеран школа» цIе йолчу дешаран проектех лаьцна а дийцира Х.-Б.Дааевс. Юккъера а, лаккхара а дешар чекхдаьккхинчу а, балхахь боцчу а кегийрхошна лерина ю иза. Дешаран курсаш чекхъевллачул тIаьхьа, тоьллачу ткъе итт дакъалацархочунна миллион гергга ахчанца гIо-накъосталла дийр ду шайн долахь фермерийн бахам кхолла.

Иштта, министерствос шена хьалхахIитточу Iалашонех цхьаъ ю кегийрхойн граждански а, патриотически а дог-ойла кхиор, къаьмнашна юкъахь доттагIалла а, уьйр-марзо а чIагIъяр.

Харцахьа лелачу кхиазхошца болх барна  лерина, кху шарахь кхочушъян йолийна «Цхьаалла» цIе йолу республикин проект ю.

– Билгалъяккха хьакъ ю кху шарахь 4-чу мартехь кхочушъян йолийна йолу Ерригкавказан «Даг тIера даг тIе» цIе йолу донорски эстафета, – дийцира министра. – Шайн лаамехь цIий даларан гIуллакх  шордархьама тхан  министерствос а, цIий даларан станцис а вовшахтоьхна ю иза.

Кегийрхойн политика кхочушъярехь йоккха меттиг дIалоцу кегийрхой вуочу хIуманех ларбарехьа бечу балхо. 2011–2014-чуй шерашкахь кхочушъеш ю наркотикаш лелорна дуьхьал гІуллакхаш даран программа.

Кегийрхошца болх барехь кIезигчу маьIне дац вайн республикин кегийрхой Россин кегийрхойх дIаэбарехь беш болу болх. Оцу Iалашонца республикехь кхочушъеш ю регионийн юкъара а, федеральни а маьIне йолу программаш. Шо шаре даларца тIеттIа алсамбовлуш бу кхечу регионашка деша а, ткъа иштта цигахь дIахьош йолчу форумашкахь а, конференцешкахь а, кхидолчу гIуллакхашкахь а дакъалаца а дIахьовсочу кегийрхойн барам.

Кху шеран июль баттахь «Россехь а, Европехь а зеделларг: Къилбаседа Кавказан кегийрхой цхьаьнатохар» цIе йолу дуьненаюкъара кегийрхойн конференци Соьлжа-ГIалахь дIаяхьар башха хилам бара. Цигахь дакъалецира дуьненаюкъарчу эксперташа а, Европин Советан векалша а, федеральни а, региональни а Iедалан векалша а. Оцу конференцехь дийцаре дира Къилбаседа Кавказан  кегийрхойн доттагIаллин а, культурин ауьйраш чIагIъяран гIуллакхаш.

Тахана коьртачу декъана министерствос болх бо республикин «2012–2014-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин кегийрхой предпринимательствона юкъаозор» Iалашонан программа кхочушъярехь. Оцу программин гурашкахь бизнес дIайоло лаам болчу кегийрхойн таро хуьлу леррина дешар чекхдаккха. Иза кхочушъярехь 2012-чу шарахь динчу жамIашца Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Нохчийн Республикехь уггаре дика болх бина хилар билгалдаьккхина.

Шен къамел дерзош, Кегийрхойн дерригдуьненан денца вайн республикера берриге а кегийрхой декъалбира Дааев Хож-Баудис. Билгалдаьккхира, вайн кегийрхойн дахар тодарехьа  кхидIа а шаьш доггаха  къахьоьгург хилар.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: