Нохчийчуьра довха хиш талларан Ӏалашо йу…

Довхачу хишца тӀаьхьалуо йолуш хиларца Россин Федерацин субъекташлахь 3-гӀа меттиг дӀалоцуш йу Нохчийн Республика.

И гӀуллакх тидаме а оьцуш, вайн махкара довха хиш талларан Ӏалашо йу «Зарубежнефть» холдинган.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама.

Цул сов, белхан гӀуллакхца Москвахь а волуш, оцу холдинган коьртачу директорца Кудряшов Сергейца шен цхьаьнакхетар хилла хилар а хаийтина цо.

Министра дийцарехь, довхачу хих пайдаоьцуш йолчу альтернативан энергетикица боьзна хир бу холдинган говзанчаша вайн махкахь дӀабахьа лерина талламаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: