Карарчу шарахь тодинчу некъийн йохалла 143 км йу

Автомобилийн некъаш тодаран декъехь бинчу белхан жамӀаш довзийтина Тумхаджиев Абубакара.

Вице-премьера — Автомобилийн некъийн министра ша куьйгалла дечу ведомствон белхахошца дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.

Билггал аьлча, карарчу 2022-чу шарахь вайн махкахь тодинчу некъийн йохалла 143 км йу.

Цул сов, тӀедогӀучу шарахь тодан дезачу некъашна проекташ йахарехь а, сметаш кечйарехь а бина боккха болх.

Иштта, «Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проектан гурашкахь некъаш карарчу шарахь тодаран белхаш дӀаберзарна а, Ӏалашонийн гайтамашка кхачарна а тӀе тидам а бахийтина цигахь.

Оццу проектан гурашкахь некъаш тодарца (2023-гӀа шо) йоьзна контракташ кийча хилар а хьахийна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: